Посещении музея учащимися
24.02.2016В январе учащиеся 5- 9 классов школы посетили музей чеченского писателя, общественного деятеля М.А.Мамакаева в селе Ачхой-Мартан. Учащимся удалось увидеть экспонаты, связанные с жизнью великого писателя и общественного деятеля. После посещения учащиеся обсуждали увиденное, писали сочинения на тему: «В музее М.А.Мамакаева». Одно из сочинений учащейся 5 а класса Магомадовой Лезины, мы предлагаем вашему вниманию.
Сочинени «М.А.Мамакаев ц1арах цолчу музейх сан ойланаш».
Тхо тхайн хьехархочуьнца Мамакаев Мохьмадан ц1арах йолу музей дахнера. Цу чохь хиллачу суьрто гойтура Мохьмадан дахар атта ца хиллийла. Набахтехь бехк боцуш чувоьллина 13 шо даьккхина цо, делахь а шен ойла шен махкаца а, шен халкъаца хилар гайтира музейчуьрчу суьрто. Мохьмада яздеш лелийна йозанан машен а, шекъа дуттург а, цуьнан библиотеко гойту иза дика пох1ма долуш яздархо хилар. Цуьнан стихаш а, произведенеш ю к1орггера маь1на долуш, ойлане волийтуш. Сан дагах кхийтира Харачойн Зеламхин йо1а Мохьмадига яийтина телеграмма. Мохьмадина баркалл бохура цара цу т1ехь шайн дех лаьцна бакъдерг яздарна.
Мохьмадах лаьцна дуккха а хаза дийцарш дийцира тхуна цуьнан вешин к1анта Асламбека. Тхуна хиира цуьнан 2 к1ант хиллийла а, цуьнан йо1 х1инца йолуш юй а 72 шо долуш, ша 1аш Веданахь хилар.
Суна доккха дозалла хийтира суо Мохьмад Мамакаев 1ийна а, ваьхна а чохь хиларна а, и ц1а а цуьнан сийлаллин мидалш а сайна гарна. Доккх дозалла ду и шайолу х1ума 1алашъеш, ларъеш, церан сий деш и Асламбек хилар. Муьлххачу хена аьлча хазахеташ вог1у и берашна Мохьмадах лаьцна дийца.
Т1аьххьара ала луур дара суна, хазахетарца дозалла до ас Мохьма сайн юьртара хилар, и сайн юьртахь а, махкахь а вевзина ца 1аш. Дозанал арахьа а вевзаш хилар.
Мохьмад санна болу къонахий ма эшабойла вайн къомана!